Войти
Регистрация
Спроси ai-bota
В
Все
М
Математика
О
ОБЖ
У
Українська мова
Д
Другие предметы
Х
Химия
М
Музыка
Н
Немецкий язык
Б
Беларуская мова
Э
Экономика
Ф
Физика
Б
Биология
О
Окружающий мир
Р
Русский язык
У
Українська література
Ф
Французский язык
П
Психология
А
Алгебра
О
Обществознание
М
МХК
В
Видео-ответы
Г
География
П
Право
Г
Геометрия
А
Английский язык
И
Информатика
Қ
Қазақ тiлi
Л
Литература
И
История
Показать больше
Показать меньше
Соняllik
07.10.2020 07:14 •
Математика
Написать сочинение на тему вайн дайша гинарг по чеченской 7 класс
Показать ответ
Ответ:
Aliska17
05.10.2020 18:44
Адамийн дахарехь наноша леладо маь1на 1аламат доккха ду.Уггаре коьртаниг –иза ю вайна дахар делларг. Дуьххьара вай олу дош ду «НАНА»
Нана ма ю,шен сина эшам а беш, вай кхетош, вай кхиош, вай нисдеш, вайх нах деш ерг а, даккхий хилча а т1ехь, хьоьстуш, шен т1ома к1ел ийзош. Х1ора беранна шен нана дуьненал сийлахь а, ломал лекха а, маьлхан нуьрал хаза а, шовданал ц1ена а хета. Доьзалан марзо а ненехь ю. Нана ю доьзална юккъехь бартбийриг а, х1ораннан амалш к1адъеш, церан юкъаметтигаш, церан уьйраш хер ца йолуьйтуш,х1оранна а шен-шен меттиг д1аелла, эвхьазлонах, эхьах, бехках, вовшийн хьог1ах, гамонах ларбеш, церан нийса накъост хилла, кертан а, кхерчан а 1у хилла лаьтташ ерг.
Вай дахаран шуьйрачу новкъа доху наноша .Т1аккха шен доьзалхо маца ц1а вог1у-те бохуш,б1аьрса артдаллалц некъ ларбеш 1а наной. Сан ненан марзонах дуста х1умма а дац..И йоцуш муха хир дара хаац суна я хаа а ца х1утту. Дахарехь цхьа хазахетар хилча, иза декъа нана лоху вай. Цхьа халахетар, цхьа цатам хилча ненах дагадовлу вай. Дог доьхначу хенахь ненехь синтем карабо. Охьакхетта ког-куьг лазийча, цхьа сиркхо хьакхаелла цомгуш хилча, нанас куьг хьаькхча, цо хьаьстича, лазар дайло. Веза-Воккхачу Дала шен къинхетамах мА йоккхийла цхьа а нана!
Хаттар х1утту сан даг чохь: там хир барий техьа суна нана йоцчу кхечуьнгара? Х1ан-х1а. Иза сан нана ю: дуьненан марзо, б1аьрган серло, маьлхан нур. Иштта сан марзонах йоьллачу сан нанна а синтем ца хуьлу со юьзна а, елаелла а ца хилча. Мосазза мерзачу набарх юьйлуш, шен г1ийлачу узамца охьайижийна цо со.Нагахь со сиркхо хилча , г1айг1анах кийра бузу ненан. Ша мел сиха, юькъачу г1овг1анашкахь ялларх, беран аз кхочу ненан лере, мел генахь хиларх. Шен берах а яьлла лелалур ярий техьа нана? Яцара аьлла хета суна. Бер- ненан сих схьадаьлла ма ду. Шен дег1ан са а берал мерза хир дац нанна.
Нана-хьо дика ю,дог-йовхо хьоьца ю
Халонна к1елхьара бералла ахь доккху,
Хало чу хьаьвзина ткъевнаца дохк ярах
Нана,
Нанна бер хаза г1ан санна деза ду. И доккха хиларе сатуьйсуш, багара церг ларъеш, ткъа дуьххьара и карийча мел хаза кхаъ кхочу нене.Нанас берана 1амабо шен къоман сийлахь мотт.Цундела нанна беран марзо йоккха ю массо исбаьхьаллел. Юха а Сулейманов Ахьмада яздинчу мог1анаша шайна т1е йоьху сан дог-ойла. Мел деза ду суна уьш,цара къеггина гойту ненан хьоме аматаш:
- Сийлахь Нана! Хастам хьуна!
Берийн доьха яьхна хьо!
Генах хиларх, тхаьш мацделча,
Хьан комаьрша куьйгаш го.
Нана, хьан юьхь т1ера хершнаш-
Уьш хьан берийн некъаш ду.
Хьан камаьршой,къинхетаммий,
Хан мел ели, хьекъаш ду.
Ялсамане, цхьанхьа елахь,
Ненан когаш къелахь ю.
Нана резайинчу беран
Делахь ялсамане а ю!...
нана ю кхерч бовха латториг, доьзал эхь-ийманехь кхиориг. Нана йоцу доьзал декъаза хуьла шеен сица, беркъа хуьлу цуьнан 1ердахар, сингаттаме хуьлу цуьнан 1уьйренаш, суьренаш. Вайна дахар деллачу, ахьна мотт 1амийначу Нанна хьалха х1окху дуьненахь мел деха декхар ду вай. И декхар такха деза вай, ненан дог хьостуш,
Дела, ахь баха бехьа массо берийн наной. Ма дукха ду-кх ненах ала а, дийца а. Дийцарх кхачор а доцуш,ладег1арх к1ордор а доцуш дукха ду.
Ненах ас еш йолу ойланаш ерзайо аса х1окху байтаца:
Къинт1ера ялахьа ,нана
Хийла хьайн дог дохош лелла со хиллехь
Цкъа елалохьа хьо , нана
Даима ирс долуш дехийла вай цхьаьна!
0,0
(0 оценок)
Популярные вопросы: Математика
alleksees
18.06.2022 23:49
Найдите число a, если: 3/4 от а равны 80% от 60...
57601
18.06.2022 23:49
Найдите положительные корни уравнения х^2-4|х|-5=0...
qwertyyyyyyy125
18.06.2022 23:49
Вычислите объем и площадь поверхности куба с ребром 5 дм....
ARISKA2006
18.06.2022 23:49
Втреугольнике авс с прямым углом с угол а равен 60* ,гипотенуза ав равна 6 . найти катет вс.? ❤️...
rootme
18.06.2022 23:49
Решите выражение x плюс 15 x плюс 56 x...
zaraza8999
18.06.2022 23:49
Втреугольнике авс с прямым углом с угол а равен 60* ,гипотенуза ав равна 6 . найти катет вс.? ❤️...
yarikkuisluiy
18.06.2022 23:49
Укажите целый корень уравнения х^3 - 3х^2 + 2 = 0 варианты ответов а) 2 б) -1 в) 1 г) 0 нужно с решением...
ксе16
18.06.2022 23:49
Що таке розкласти число на простi множники? ? ?...
Клямпер
18.06.2022 23:49
Из a и b (ab=300 км) одновременно выехали навстречу друг друга два автомобиля. через 3 часа оказалось, что они не только встретились, но и успели удалиться друг от друга на 90 км....
Kopek
18.06.2022 23:49
Log2 (2x-1)\(x+3) 1 решите неравенство...
Полный доступ
Позволит учиться лучше и быстрее. Неограниченный доступ к базе и ответам от экспертов и ai-bota
Оформи подписку
О НАС
О нас
Блог
Карьера
Условия пользования
Авторское право
Политика конфиденциальности
Политика использования файлов cookie
Предпочтения cookie-файлов
СООБЩЕСТВО
Сообщество
Для школ
Родителям
Кодекс чести
Правила сообщества
Insights
Стань помощником
ПОМОЩЬ
Зарегистрируйся
Центр помощи
Центр безопасности
Договор о конфиденциальности полученной информации
App
Начни делиться знаниями
Вход
Регистрация
Что ты хочешь узнать?
Спроси ai-бота